Чов йоцуш дерзийна дов

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/ Джабраилова./

ЧОВ ЙОЦУШ ДЕРЗИЙНА ДОВ

Г1иллакхаш дуьйцу вай, - мотталуш дайна.
Хеталуш, кегийрхойн доьналла дац!
Маттан а, г1иллакхийн говзаллаш йайна,
Вайл т1аьхьа нохчалла йуьсур а йац!.."

Къомана зие дина т1аьххьарчу т1амо,
Ненан мотт бицбина  лелаш бу нах.
Ца г1урту дицделла  г1иллакхаш 1амо,
1адаташ дицдаро хийцина мах!

Зама йу йоьдуш д1а,  доьду хи санна,
Амал шен хийцалуш къам  кхуьуш ду.
Мохк ларбан х1иттийна вайн б1евнаш санна,
Мохк ларбеш д1ах1итта къонахий бу!

Заманца хийцалуш лела хьал-дахар,
Хийцалац шен сица кхоьллина йахь.
Къонахчо диц ца до - мел дина хьехар,
Диц ца дан, вай йиъна бохаман къахь!

Нохчийчоь ца йисна турпалхой боцуш,
Турпалхой мохь бетташ, шаьш кхайкхош бац.
Дика-вуо къастадан къонаха воцуш,
Сан хьоме Нохчийчоь, хьо йуьсуш йац!

Вайн меттан говзаллаш ца йайна. - Йисна!
Г1иллакхаш лардеш вайн кегийрхой бу.
Йахь, собар ду цаьрца, доьналла дисна,
Йахь йолу къонахий - вайн кхане йу!

Т1екхиъна кегийнах, царах ду дийцар,
Дов даьлла-дирзина дуккха хан йац,
Баккхийчех, дов дерзош, цхьа а ца хьийза,
Осала къамелаш пхьоьг1анехь дац.

Вовшашка, Ненан мотт, ларамца  буьйцу,
Нохчалла, доьналла  шайн сица ду,
Дуьйцучух ца къехкаш, хозуьйтуш дуьйцу,
Схьагуш дерг, кегийрхой г1иллакх-дай бу.

Салам а кховдадеш, тилпо схьатуху,
Ц1е йоккхуш хотту цуо: -" Хьо , ( хьенех) вуй ?"
Теш х1уттуш : -"Ву!" - олий, салам схьаоьцу,
Хаттар до: - " Т1екхача хьо генахь вуй?"

Эвлахь ву, доттаг1ий гулбелла соьца,
Схьаваре сатесна, хьо, ларвеш ву.
- Со эвла йистехь ву,  йуьртахь ма сеца,
Хьан йуьртахь летча вай, хьан сий довр ду...


Кхетавеш боху цуо, г1иллакхаш лоруш,
Лардарца, ша олу х1ора а дош.
-" Бакъахьа ца хета вовшех кайетташ,
Нах кхардош, г1овг1а йар, дац вайгахь товш.

-"Нагахь хьан кадалахь, йуьртахь, со эшо,
Бехк хьуна буьллур бу, и сийлахь дац.
Ткъа хьо ас эшавахь, сан аьтту баьлла,
Ц1е йожар, хьайн йуьртахь, хьоьца товш дац!

-"Дашера дош даьлла  къовсамаш хилла
Къастамна вале хьо, йурт билгал йеш,
Элирий ахь соьга, хьо хьена хилла?
Таллийта веха йурт билгал а йеш?!"

"Хьо хьена мила ву, хаьий-те?"  - аьлла,
Дедега, таллам беш, хаьттина ас,
-" Муьлхачу орамах ву-те схьаваьлла?
Муьлхачу г1иллакхца  кхиийна дас?!.."

"Ладог1ал!" - элира, т1еман хан йуьйцуш,
Хийрачу йуьртахь цкъа висина со,
Салташа гуо лаьцна, некъ маьрша боцуш,
1аржйелла, висина, дан  доцуш  г1о.

Шелвелла, мацвелла со йуьстах лаьтташ,
Т1евеъна къонаха- вуьйцур ву ас,
Т1е-кога хуьйцуьйтуш, со   баьрчче воккхуш,
Шен чохь со витина цу к1ентан дас.

Йахь йолу къонаха! Хьан Да ву  вуьйцург.
Сан деда халонах ваьккхина аш.
Сан йуьрта кхойкхуш хьо, дов дац ас дуьйцург,
Со волчу хьошалг1а кхойкхуш ву ас!

Дакъийна жижиг ду кхехкийна нанас,
Пхи-йалх п1елг хьулбалла семса ду и,
Къастийна, хаьржина хьан дуьхьа дадас,
Вай цхьана ца диъча чомехь дац и!

Диехар ду, ас йина вас д1а а йаккхий,
Беркате сан шуьне дуьлийша схьа,
Со волчу х1усамехь мерза хан йаккхий,
Некъ бита, - г1алат сайх дерзадан д1а.

-Тилпочохь и къамел дирзинчу хенах,
Дукха хан ца йели, со хьоьжуш 1аш,
Хаьхкина машенаш, совцийна генахь,
Т1ебаьхки, салам луш, и кегий нах.

Чубига хьаьвзи уьш, йуьртара къонах,
Даггара шен ларам гайтара цуо,
Собаро ларби уьш зуламах, вуонах,
Собаро лам баккхар, цу меттехь го!

Сий хуьлда даима йахь йолу к1ентий,
Шу собар, шу г1иллакх вайн хазна йу!
Шу тайпа къонахий Нохчашлахь мел бу
Нохчийн къам - Эла къам гуттар хир ду!

08. 11. 23ш.