Казахаш дина дола

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова -/ Джабраилова./

КАЗАХАШ  ДИНА ДОЛА

Вовшашца т1аьххьара баьпкан йуьхк йоькъуш,
Вовшашна т1ебоьлхий дика-вуо доькъуш,
Казахаш Нохчашца йаьккхина хан,
Дисина хилла и вайн дайшна ган.

Хийлаза, цу хенахь, харцонаш лайна,
Хийлаза дуоь доцуш  гергар нах байна,
Цхьа дийцар довзийта лаам бу сан,
Мел зама йаьлча а хала  ду лан.

Сибрех вай дигначехь тезет ду даьлла,
Махкаха ваьккхина Нохчо - д1аваьлла...
Цу йуьртахь керстаний кешнаш бен дац,
Бусулба д1аволла луш меттиг йац.

Тоба йу, барамца, хийисте йог1уш,
Баккхий нах бу хьалха. Назма йу олуш.
Барамца чубуьссуш къонахий бу,
Лекхачех хоьржу уьш, хи к1орга ду.

Барам бу белшашт1ехь, дагчохь йу - кхуолар,
Хин йуккъе бовлу уьш, сих ца деш буолар,
Т1аьххьара севци уьш. Хи логгалц ду.
Дуьхьала схьабог1уш Казахаш бу...

Кадам беш Нохчашка, барам схьаоьцу,
Вовшашка салам луш, куьйгаш а лоьцу.
Казахаш, шайн йуьрта и д1ахьуш ву,
И сурт гуш массера б1аьрг боьлхуш бу ...

Хичура кегирхой меттах ца бовлуш,
Барамца тийналлехь вуьйш къайлабовлу.
Хиллачух ца кхеташ цхьаъ хьоьжуш ву,
Д1авуллуш стаг воцуш - х1у тезет ду ?!

- Казахаш кхайкхина, барам  д1абелла?!...
Лелочух цакхеташ, хьежарх, къарвелла...
- Шайн стаг д1авуллучехь шу х1унда дац?
Йа шайх стаг д1авуолла шу бакъо йац?!..

- Керстанийн кешнаш бен кху йуьртахь доцуш,
Цу йуххе бусалба стаг вуллуш воцуш,
Орцанна баьхкина Казахаш бу,
Бусалба кешнашка и д1ахьуш ву.

- Шу х1унда дац цаьрца тезет д1адерзош?
Шу хила ца деза кхелхинарг верзош?!..
 - Омраца , камендант ву тхуна т1ехь,
Массо а х1уманна шен ч1аг1о йеш...

- Мух1арца ч1аг1дина кехатан йоза,
Хин йуккъехь хадийна т1евоьду доза.
Хил дехьа довла а тхан бакъо йац,
Харцонах цакхеташ цхьа Нохчо вац!..

Теша тхо, йог1ур йу нийсонца  зама,
Тхайн махка доьрзур ду, тхайн маьрша даха.
Боданан лар йойъуш маьлхан нур ду!
Нохчийн къам толамца ц1адоьрзур ду!!!

12. 11. 23ш.