Абузара син-ларамна

Раиса Абубакарова
Лаьар-кха сайн оьмар
Жимма яхлойла,
Хьомечу халкъана,
Махкана ваца...
                (А. Айдамиров)

Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

АБУЗАРА СИН-ЛАРАМНА

Шира йурт, Мескита, хьо декъалхилла!
Оьзда во1, йаздархо кхиийна ахь!
Исбаьхьчу 1аламца хьистина хилла,
Комаьрша пох1малла Дала делларг.

Беркате доьзалехь дуьненчу валар,
Лар йоцуш дахарехь хьан дайна дац.
Йазйан а, йеша а сел хьалхе 1амар,
Терго а ца хилла, хьан, йисна йац.

Бераллехь къаставар, хьо винчу махках,
Чов йоцуш ца йисна мел йаьлча хан,
Бехкбоцуш мел лайнарг бух толлуш ахкар,
Дог 1ийжаш йозанехь дитина ган.

Лиънера хьайн оьмар йахлойла жимма,
Махкана, халкъана д1адаллал хьакъ!
Готтачу хьан кийрахь мел бала хилла,
Бовзийта ца тоъъал  дахар кхин цхьаъ.

Тахна хьо тхоьца вац, йахь йолу къонах!
Махках, хьан лезна дог детталуш дац!
Вайн Дала, эхартахь, ларвойла вонах,
Ахь йитна сирла лар цкъа а йовр йац!..

29. 10. 23ш.