Ламанхойн леча

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ЛАМАНХОЙН ЛЕЧА

Махкана хилла чов - дег1ачов лоруш,
Мел гинарг,  мел лайнарг дицдан ницкх боцуш,
Йицйина мехкан чов вахалур воцуш,
Веха хьо, къонаха, сапарг1ат доцуш.

Дог дору иралла чевнашка йезош,
1ийдало дагах ц1ий - шекъане дерзош,
Хьайн бала-сингаттам т1аьхьене йазбеш,
Зорбане волу хьо дагахьдерг лардеш.

Хьан дешан к1оргенийн маь1на ца дича,
Балхочу баланийн хало ца гича,
Кхетар вац балано дог ца 1овжийча,
Лазаме ладоьг1на, ойла ца йича.

Т1еман лар, халонаш, хьан  дагчохь йисна,
Бехкбоцуш 1енна ц1ий - б1аьргашна дисна,
Ма гойла Нана -Мохк г1одоцуш бисна,
И худа ницкъ боцуш йаздархо висна!..

04. 10. 23ш.
( Ясаев Лечина, ларамца.)