Борз йацахь!

Муса Вольф Айдамиров
Шалхоне томан аьлла хазчу итт дашал,
Г1оле ду цхьа бакъдош, багара даьлча,
Уосала волу собар т1ехдаьлча белшал,
Ма-дарра, шен метта, дог1ург ца аьлча.

Ларамаза мацах  цхьаьнадешнарг гича,
Сахьтаьхь  сонтачу къамеле ладоьг1на,
Бохучух  цецваьлла, из халла д1атийча,
Элира цуьнах кхоьлина б1аьрг боьг1на.

Пхьагал мел говза хьалакхиссайаларха,
Пхиъ шерал совнах ца йеха дуьненчохь,
Х1унда боху-те ахь, каде хьо цахиларха,
Хьекъал ду моьттуша, хьайн коьртачохь.

Аьрзу стигала леккха ирхлелхадаларха,
Ткъеитта шерал бен дукхаха ца дахало,
Вала  деза, бахам д1а ца бахьло аларха,
Аьтто боцучунна хетало бехказа валало.

Уьнт1апхьидо дахар  хьо сиха а ца луш,
Цундела  меллаша, б1е  шарахь йахало,
Бохуш, х1унда веха дуьненчу текхалуш,
1эса дег1ан хилара кхоьруш, цхьа  хало.

Борз  йалахь  хьада, аьттонан  маж лаца,
Т1аьхь хиндолчуха  ца кхералуш катоха,
Борз йацахь, дег1  йуьрг1анна бухалаца,
Г1айбан марахьарча, къурд  ала, сатоха! (С) 18.11.23.