Хила деза!

Муса Вольф Айдамиров
Нохчийчоь хастош деза дош хезча, воккхавеш,
1алуш вац-кх дег1 нисдеш хьала ца г1аьттича,
Панамахкахь синтем бов, г1айг1ано човхавеш,
Хазох латт карор дац олуш, хьаьнга а хаьттича.

Нохчий д1абохош, шовзткъе доьалг1а шарахь,
Гинчара дуьйцуш, парг1ат а ваьлла ца вахало,
Йоьлхучу Ненан б1арлаг1а гуш бераца карахь,
Б1аьрхиш мел  къийларах, къайла а ца дахало.

Луьра 1азапхо т1евоьжна хьалхар т1ом баьлча,
Д1ах1иттира халкъан к1ентий цхьа барт болуш,
Нохчийн латта хьешна зуламхо толамах ваьлча,
Д1аведда хан  дагайеача, велало самукъдолуш.

Ткъолг1а оьмар чекхдолуш, ц1ераш т1елоьцуш,
Г1ала йагош, диц ца ло нехан шийла тийжамаш,
Къаьхьа шад хьоду логе, г1айг1ане дагалоьцуш,
Мостаг1чо къиза  х1аллакдина, маьрша адамаш.

Къоман шерйоза  хила деза, 1аламат тидамбеш,
1алашдеш нохчийн 1адаташ  Дайн хьекъалалла,
Даймахкана синош ца кхоийначарна хастамбеш,
Дуьненан кхайкхош вайн къонахийн турпалалла! (С) 12.11.23.