Къонахий бу!

Муса Вольф Айдамиров
Лараме кхо х1ума ду, вовшахадаха хьакъ доцуш,
Мохк а  мотт а 1адат а даима а, дагахь  хила деза,
Цараха цхьаъ  дицдича важа шиъ дов лар йоцуш,
Къоман уггаре а ладаме баххийн бух ларбан беза.

Кхо башхалла оьшу х1оранна а ша вацахь эг1аза,
Сий а, йаьхь а, оьздангалла а олу, букъдаь1ахкаш,
Уьш цхьана ца хилча, волу стаг дакъаза, буккъаза,
Дайш йелла нохчалла, хила йеза дагчохь хьекъаш.

Вайн къоман ду-кх хьаша-да т1еэцара деза лоруш,
Хьаша веза ву олуш хьехна варх1е а Ден лаьмнаш,
Комаьрша хьошалла деш, мацаллех хьалха дохуш,
Эзаршеран хилла вай, г1о лохуш долун къаьмнаш.

Цкъа мацахлера т1ебоьжна, халоно  лоьхкуш дера,
Шен хенна ц1а баг1а ца хуу хьешийн х1уьнан наха,
Олуш хеза цкъацкъа, дукха хьалха  адам кхиндера,
Таханлерачу дийнахь къонахий, вуно хала ду лаха.

Цу тайпа хабарчийн туьйраннах г1уллакх дац теша,
Дика хаьара вайн Дайшна, турпалхойн  масал гайта,
Мохк ларбан хадам болуш, мостаг1аш луьра хьеша,
Бухц1ена т1аьхье йуь цера  маршонан ц1е ца йайта.

Даймохк безара ду д1аийна, къонахчун шен ц1ийца,
Тахана а синош ца кхоош, цуьнан к1ентий бу г1атта,
Къоман тешаме  г1ароллаш бу буьзна  майраллийца,
Денна а буса а вай мохк  ларбеш кийча болуш латта! (С) 03.11.23.