Ца хилла довзар!

Муса Вольф Айдамиров
Тамехьа масаран  боларехь  б1аьрг  хьоьстуш,
Кура йо1  йоьдуш гича пелхьо санна 1адийра,
Гуро лаьцна  оьпано санна мекхаш а доьттуш,
Цхьа инзаре  хазалла  схьагича бат  г1аттийра.

Ма къежа, кхокханна йалхо цициг санна, суна,
Элира цуо, б1аьргах луьра суьйнаш кхуьссуш,
Х1ан-х1а элира ас шийла, моттаделира хьуна,
Ца лела, иштта хьозан хьалха туьтеш туьссуш.

Сийначу тобалкхах товш йо1, суна тарйелира,
1аламат из  хаза а хетта б1аьрг  д1атуххушехь,
Вовшена куралла а йина уьйр ца  тассайелира,
Амма, дагалоьцу безаме йо1 тобалкх гушшехь! (С) 28.10.23.