Лаьа!

Муса Вольф Айдамиров
Лаьа йист  йоцу стигал хьала хьада,
Аьрзу хилла маьрша  х1аваъ мийла,
Бакъо йац  олуш вайн маттаха  хада,
Къоме дагах  булу мохь тоха г1ийла.

Г1арабакка  хьоме  мотт, бу иза беза,
Йуьзайе алсам, хьайн луг1атан ботт,
Ц1ийца ц1ена  д1абоьлла  хила беза,
Ша нохчо ву бохучунна къоман мотт.

Дозаллийца сий а деш  шерра бийца,
Исбаьхьа Ненан мотт, мерза хестош,
Дайш дитина йакъут дорах ма хийца,
Бес-бесара аьнгалеш  баьрче лестош! (С) 25.10.23.