Исламан з1аьнарш

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ИСЛАМАН З1АЬНАРШ

Массо а х1уманна йу шие-шие хан,
Хенаца кхоллало дийцар,
Оьзда нах дукха бу нохчашлахь ган,
Нислур дац цхьанне уьш хийцар.

Эвлийаъаш дин даржош вайн хилла бу,
Халонна йуха ца бовлуш,
Эвлийаъийн т1аьхьенаш х1инца а йу,
Махкана шайх беркат долуш.

Сийлахьчу т1аьхьений орамаш ду,
Даьнделла, марг1алаш тесна,
Маршоне сатуьйсуш  уьш баьхна бу,
Д1айаха харц ц1ераш - йисна.

Харцонца тиллина шайхашна ц1е,
Вайнехан дагт1ера эгон,
Сатуьйсуш лелла уьш, кхачаре де,
Харцонах "Сийлахь Ц1е"- йегон.

Вайн Дела цхьаъ вочех вевзина ву,
Бусулба дин доггах лелош,
Мухьаммад Пайхамар (с.1.в.с.) бакъвинчех ву
Атаг1а айъина Джунид.

Махкаха даьхча а, къар ца велла,
Бусулба дин к1орге лелош,
Сибрехахь, 1илманца и сов ваьлла,
Дин ч1аг1деш вайн Дела хьехош.

Бусулба дин дезаш Масхут кхиъна,
Пурунзехь дуьненчу ваьлла,
Де хьехам шен дагца къобул бина,
Вайн Дела цхьаъ во ша - аьлла.

Дас олу назманаш цуо ларйина,
Х1ора дош шен дагца ч1агдеш,
Ша кхиъча жайнешка уьш йерзийна,
Дагчуьра х1ора дош  йаздеш.

Цу муьрехь и жайнеш къайладаьхна,
1едална гайта йишйоцуш,
Вайн Деле хийлаза г1о дар даьхна,
Нийсачу новкъа ша волуш.

Хан-зама д1айаьлла, 1едал доьхна,
Вайн Далла до1анаш хезна,
Заманца кхиъча ша, болх буолийна,
Саг1анца сов валар дезна.

Дас бина хьехамаш карлабевлла,
Эвлийаэх дийцарш а 1аь1на,
"Исламан з1аьнарш "- газет кхоьллина,
Дех бисна хьехам схьаэцна...

02. 10. 23ш.