Хьехархо

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова -/Джабраилова./

       ХЬЕХАРХО

Хьехархо,- дахарехь йоккха ц1е йу,
Х1оранна йуьсуш шен дагчохь,
Дахаран некъ гайтар, шуна т1ехь ду,
Хьехамца йоццачу хан чохь.

Декъала хуьлийла хьехархой шу,
Даггарчу ларамца олу,
Тхан кхане ларйан шу къахьоьгуш ду,
Цундела оха шу лору.

Дешарца схьакхийдош аш серло йу,
Токхечу кханенах теша.
Тхан оьзда хьехархой къахьоьгуш бу
Гайтарца сирла некъ  деша.

Лаар-кха хуьлийла шун х1ора де,
Стиглара малх санна- сирла.
Шо-шаре мел долу хьехархойн ц1е,
Ойийла сий-ларам хилла.

30. 09. 23ш.