Адам шахидов

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

АДАМ ШАХИДОВ

"Нийса некъ муьлхарг бу?" - лоьхучу хенахь,
Кхоьруш ша тилвелла, валарна гал,
Къинхетам бар доьхуш самах а г1енах,
Гатделла х1оьттича дахаран хьал.

Бусулба дин хьоьхуш, нийса некъ гойтуш,
Сингаттам байбина дагчуьра тхан,
Хьасталуш, до1анца вайн Деле кхойкхуш,
Веана х1оьтти хьо хьехамаш бан.

Устради эвлара схьаваьлла къонах,
Вайн Дела хьайн дагчохь латтийна ахь,
Къор1анах ца херлуш, ларвелла вуонах,
1илмане вирзина халчу муьрехь.

1илма мел 1амадо хьайх масал гайта,
Т1елаьцна хьайна хьакъ - довзийта дин,
Чолхечу заманчохь бала ца гайта,
Кхайкхам беш лийли хьо ца к1ордош кхин.

Декъала хуьлийла Шахидов Адам
Беркате хуьлийла т1екхетта шо.
Вайн Дала къастадо ирсе деш адам,
Ийман луш, шен миска, Цуо ирсе во.

Хьан дахар ирсе дан - к1ант вели хьуна,
Хьоьгара 1илма а т1еийци цуо.
1елимнах дахарехь шу оьшу тхуна,
Лаьтта т1ехь ца йита дин доцу хьу.

01. 10. 23ш.