Хьоме мотт

Муса Вольф Айдамиров
Сан кхетаман шатайпалла ду Нохчаллийн амат,
Ворх1е а дайн ц1ена 1адаташ, д1аийна ц1ийца,
Нохчийн мотт, хьоле хьонсар, хета деза ни1мат,
Ирсе ву со из болуш, сирлачу сан къоман бийца.

Нохчо мила ву а мел ву а, Ненан матто къастадо,
Шен къам а дезар дац, иза ца безачунна даггара,
Энжедо шен хьоме маттаца гергарло ца латтадо,
Хийрачу меттан дешнаш, ойланза сеттадеш гара.

Шен Ненан мотт боцун къам дац хила а ца хилла,
Т1епаза д1адайна, хьоме  мотт байина къаьмнаш,
Х1ора къам цхьацца х1уьнах-диттанах хьалхилла,
Дакъало Ненан мотт  лар ца бича къоман орамаш.

Чекхавера ву муьлхха а ц1арах-хинах хьасартаца,
Хьоме мотт-х1айкал делла Нанас аганчу виллича,
Хуьйцура бац доьналлин мотт, цхьанна а маттаца,
Нохчаллийн васт дов шен маттан тешнабехк бича.

Дависса-кх, хьоме мотт, жимма а говза велахьара,
Ма йузор йара-кх т1еххазчу дешнашца хьан кхаба,
Хьоьца болун  безам д1абелла, пох1ма  делахьара,
Ма г1еллура вацара-кх со, дуьненан из кхайкхаба! (С) 01.10.23.