Вайн къоман дозалла - дуртин мумади

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова -/ Джабраилова./

ВАЙН КЪОМАН ДОЗАЛЛА - ДУРТИН МУМАДИ
 
Немцошца боьдучу луьрачу т1амехь,
Герз доцуш бисначохь т1амца герз доккхуш,
Къар ца луш, т1ом бина турпалхой к1ентий,
Хьакъ ду шу довзийта, сийлахьа Нохчий !

Чаг1алкхех дердуьллу берзалой санна,
Мостаг1ех кхералуш йуха ца бевлча,
Геннара герз детташ, чевнаш а йина,
Йийсаре лийцира йахь йолу к1ентий.

Мацбина, хьагбина, к1аргйина чевнаш,
Г1елбина  эскархой, эшийна г1ора,
Мог1аре х1иттийна, х1оранна тухуш,
Цхьа немцойн эпсар ву та1зар деш вог1уш.

Деш долчу та1зарна тоха са доцуш,
Дуьхьло йан, дег1ехь йа кхин г1ора  доцуш,
Садетташ лаьттачу салташна йуккъехь,
Мог1арца  нисбелла вайн  майра  к1ентий.

Махьарх гай йиллина эпсар т1евог1уш,
Чов йина шен накъост букъ т1ехьа  лоцуш,
Ч1аг1о йи Мумадис, эпсарна тоха,
Цул т1аьхьа   ша велча шек а ца волуш.

Цу суртах б1аьрг кхетча, инзаре ваьлла,
Сихо йеш т1екхача, рог1 дагарйаьлла,
Канвойшца вог1ушверг, салтичун тоха,
Буй кхетта вуьйжира, тешнабехк хилла !

Канвойша катуьйхи, тоха герз дулуш,
Эпсара совций уьш :-" ВИТА И !" - олуш,
-"Сихонца  валаве шена т1е !"- бохуш,
Дег1 нисдеш, д1аваха, лазийна  эпсар.

Эпсара хаьттира:- "Мила ву ?!-аьлла,
Муьлхачу къомах ву ?! Хьанах схьаваьлла?!"
Аз ойъуш делла жоп, цхьа кхерам боцуш,
-"ДЕРА ВУ СО НОХЧО !   ДУРТИН МУМАДИ !"

Эпсара аьллера, 1алашо сецна,
Йийсархойн доладан,  майра к1ант иэшна,
-"Хьо саннарг лехнера, ОБЕРКОП х1отто!
Йа бохург дийр ду ахь! Йа вала кечло !"

Т1ечехаш аьлча цуо, оьг1азло йина,
Дог хили, кегвина и охьавилла.
Сатоьхна, ойла йи, шен х1илла гайта,
-Ша валарх эшам бац , висахь - хир пайда !

Нохчашна йеш йолу г1ело ца лалуш,
Ларйина - йужуш ц1е, даржо йуьхь йагош,
Нигат ди:- "Кадаьлча Нохчашца вада" ,
И нигат кхочушдан т1еийци бала.

Де дийне мел долу йуург сов йуьллуш,
Доттаг1ий кечбина, г1оране балош,
Эпсар шех тешийна, некъ маьрша боккхуш,
1алашо кхочушйан бина цуо кечам !

Хан -зама мел йолу шаьш долу меттиг,
Къайлаха талларца билгала йоккхуш,
Вахийна, тилийна и немцойн эпсар,
Кадели, турпалхойн герзашца бовда.

Ткъа махка кхачале луьра т1ом барца,
Европехь г1араваьлла Дурти Мумади !
Чаг1алкхех кайетта дера борз санна,
Мостаг1ий иэгорца доьналла гойтуш !

Майралла гайтина цу т1еман новкъахь,
Дуккха бу - Къоман Сий лардина к1ентий,
Нохчочун ц1е ларйеш, шайн  са  д1аделла,
Сирлачу т1аьхьенна Сийлахь  ц1е йитна !

Сий хуьлда турпалхойн, йахь йолчу к1ентийн !
Мостаг1на йахь ца луш, гуора ца х1уьттуш,
Парг1ато йаккхарехь майралла гойтуш,
Дуьненна Сийлахь Ц1е йитарна - " НОХЧИЙ !"

18. 01. 2021ш./25. 09. 23ш.