Тахане

Муса Вольф Айдамиров
Безабеллачу маьлхана  гуо бохуш дуьне къежа,
Аьхь хетта ц1ийбелла малх суьйренна чубирзи,
Лаьттана дато куьзгане-батте  акъваьлла хьежа,
Бух1а кхайкхича, сира ойланаш коьртачу йирзи.

Кхолламо бакъ долун ирсан тача гойта г1ерташ,
Идаво дуьненчу г1айг1анца хьерчош хазахетарг,
Гуттарлера таханенна ларам буй  б1аьрг бетташ,
Хичаш йоь мекара хаъ г1ерташ сан дагна хетарг.

Маь1нехь дац кханене сатийсар тахане йицлуш,
Сиха вала веза, доллу  дуьненан  безам д1абала,
Абаден х1умма а дац зама йуь даима хийцалуш,
Шабар-шибар до махо мел долу х1ума чекхдала.

Мац-цаъ д1а дера ду дерриг, г1аларт-г1ан санна,
Сан оьмрехь хира бу г1ум-арен б1арлаг1ан к1ур,
Вуон-диканах, эшамах-тоамах, дахарца цхьаьна,
1ожаллен луьра хьеран-т1улгаш тоссура ду х1ур.

Селханен баркалла бохуш, хьоьсту къона тахане,
Хьоьжу вуон-дика леташ, д1аьвшенна кегош чан,
Деза даггара  таханлера де йарна сатуьйсу кхане,
1ожалло  д1ахадайара  дицдина сан оьмаран хан! (С) 03.09.23.