Сахьтан т1аьхь сахьт

Муса Вольф Айдамиров
Марша вог1ийла тешаме хьомсара доттаг1а,
Халоне вар аьтто боцуш х1о волчу д1акхача,
Хьо цагуш хан йалча, синтем буьйлу астаг1а,
Дукха хан йуь бекъаза хьоьца ойланан кхача.

Инзаре дуьненан 1илманнах, бойтуш тамаш,      
Кхолламо зер ло, вуон а дика а ша хоьржуш,
Эвхьаза керчабеш б1аьрлаг1ан  сатийсамаш,
Доьг1начуннаха вай реза хуьлийла хьоьжуш.

Сахьтан т1аьхь сахьт, бендоцуш д1адахнарг,
Д1ахьош ду ца дуьтуша ойланзан таханенна,
Кхело цхьа тахане йуь-кх вайн дола йог1нарг,
Д1адахначунна весет хаац муха ду кханенна.

Догц1еналлах са дузо дезийла, х1уо кхетахь,
Йо1 йезалахь, ц1ена безам кховдабе даггара, 
Кхаж боьжна, айхьа лехнарга дуьхьалкхетахь,
Къовла хазахетаран хин т1адамаш б1аьргара.

К1оргенза вуйла кхетча а, б1аьргаш диллича,
Бахамо вузийна хьайн ваша гича д1аверзара,
Гергарчунна йамартло а хийрачо д1айиллича,
Х1ета а маь1не  дац, дуьненан  дера къерзара.

Дуьне харц ду олу, хьажо-п1елг ирах1оттийна,
Иштта г1урт ботта адамо ирча энжед делахьа,
Т1еххаза дуьненан муьлху бахьана х1оьттина,
Доцург баха, нах харцо йуьш-хьокхуш белахьа.

Дуьненах кхетта кхин цхьанххьа а вац сихлуш,
Беттан бус духалору цуьнан деган деттадалар,
Къоналло хьошалла до уосала д1а ца лоллуш,
Д1акхайкхахь къаналло лачкъор ду оччадалар! (С) 31.08.23.