Т1аьххьара доьжна г1а

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

Т1АЬХХЬАРА ДОЬЖНА Г1А

Б1аьстенан йовхоно  самалха  даьккхина,
Дохделла дитта т1ехь денделча га,
Набарха девлла шайн марг1алаш хьистина,
Дуьненчу девллера, баьццара г1аш.

Де-дийне мел долу мохо г1аш ловзадеш,
Керлачу гаьннашца  хазлора дитт,
Маьршачу заманца кхиарна доккхадеш,
Новкъа ца хетара уллора нитт.

Дуьненах даккхийдеш,  бертахь г1аш  дехира,
Довхачу дийнахь шайх, 1индаг1 а луш.
Малх къайлабелира, шело т1екхечира,
Къизалла иэшайан ницкъ боций гуш.

Малхо г1аш  хьистина зама д1айелира,
Гуьйренца хийцалуш кхечира  1а,
Дитташ к1ел иэгна г1аш лайно д1ахьулдира,
Ца дожа, тийсалуш, диси цхьа г1а.

Г1ора шен кхачийча, шийла га д1ахецна,
Меллаша дужуш г1а х1аваэхь го,
Б1аьстенах ирс оьцуш, мерза хан йаккхарна,
Къар ца луш, хелхарца гуо  туьйсу цо.

Хьоьшучу г1аш йуккъе дуожа и сих ца ло,
Ца гайта,  доьжначехь г1ад дайна 1аш,
Шовкъаца ч1уг йетташ йуха а айъало,
Ган лиъна шен сина гергара г1аш.

Шелоно иэгадеш, къар ца луш туьйсу го,
Лоьху цуо ша кхиъна баьццара га,
Г1оранах иэшадо цуьнга сатийсаро,
Даз а лой, дужу г1а шех хуьлуш  ша.

Дуьненах дог дилла хан кхаьчний  хиъча шен,
Орамех тийсалуш  цу дитта к1ел,
Девза г1аш карийча 1ожалло техкадеш,
Т1еийци кхолламо кховдийна кхел.

Баьккхина мерза мур эрна шех ца бити,
Керлачу дахарна  йити цуо лар,
Ша даьгна  х1ур  бити керлачу марг1ална,
Шегара ницкъ  белла  дитт ирсе дан!

02. 07. 21ш. / 24. 08. 23ш.