Йагийна йурт

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ЙАГИЙНА ЙУРТ

Б1ешераш уьду д1а дика-вуо хуьйцуш,
Зама а хийцало, хийцалуш хан,
Къийсамехь кхелхинарш маршонах хьоьгуш,
Мел зама д1айаларх йиш йац бицбан.

Ширачех Гермчига, хьуна т1екхочий
Го суна, хьанала рицкъ лехна йурт,
Дедайшна т1екхача 1алашо лоций,
Ма-дарра го суна х1оьттина сурт.

Ц1иййелла т1ейеъна суьйре йу тховса,
Тап-аьлла г1ар дайна олхазарш ду.
Паччахьан эскар ду кечлуш йурт къовса,
Ткъа йуьрто къуьйсуш йерг шен маршо йу.

Харцонна кечйелла чаг1алкхаш санна,
Эзаршлахь совбевлла салтийн б1о бу,
1абдурахьман къеда, хьалха а ваьлла,
Дуьхьло йан кечам беш йуьртахой бу.

Жима а, воккха а х1оранна кертахь,
Зударий, божарий йурт  ларйеш бу.
Керстанна карваха цхьа а ца г1ерта,
Лай хилла ца лела, са д1алур ду.

Сатоссуш, т1ом буолош даьржира эскар,
Латарш д1адолийра, ца гина цкъа,
Т1еман шовкъ совйаьлла х1оьттина зикар,
Лазийнарг, 1овжийнарг йухвалац цхьа.

Герз доцуш, шаьлтанца б1ойуккъе лелхаш,
Къар ца луш, д1алуш ду шайн мерза са!
Мохь бетташ: Дай, наной тхуна ма делха!
1ожаллин куьг лаьцна боьлхуш бу д1а.

Латта ца ларадо 1аьнна ц1ий худа,
Майрачу дегнашца кхехкаш йу йахь!
Йурт йаьгна йужуш йу, сурт гуш ду суна...
Сан кийра ца тарло бохаман къахь.

Даганза дисначу маьждиг чохь, йуьртахь,
Кхузткъе шийтта къонаха- йуьртахо ву,
Гуо лаьцна салташа : Кара ца даг1ахь,
Хаам бо: Междигах ц1е тосур йу!..

Мостаг1на карваха реза вац цхьа а,
Уьш ц1арах богур бу ца х1итта гуор,
Реза бу т1аьхьенна ц1е йита сирла,
Даьгначу шайн дог1мех бисийта х1ур!

Б1ешераш уьдур ду некъаш а х1уьттуш,
Йарташ а кхуьур йу, кхуьур ду къам,
Мел гинарг, мел лайнарг лаьттар ду луьттуш,
Синошна х1оьттина нур дашо лам!

24. 08. 23ш.