Дар ма ло

Муса Вольф Айдамиров
Дар ма ло зуда айхь хьулийна шерашна,
Берзан уг1ар куьзгана хьаьжча доьттуш,
Дуьмеш хьоькхуш шамаршна-хебаршна,
Жималла мича сихйелла бохуш хоьттуш.

Йохь т1ехь сурт хьайна говза ахь дуьллу,
Хуне басар деза, сих-сиха шардеш латто,
Зудчун х1оттам гуттара а астаг1а буьйлу,
Мало йаьхь йантор синхьажам схьасатто.

Х1ора зуда а йуь хаза сий дайина йацахь,
Духаро а басаро а йоьллура йац хазалла,
Муха хир йуь зуда ирча са заь1ап дацахь,
Йуь иза т1еххаза, шеца йалахь нохчалла! (С) 20.08.23.