Говзанча

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

(БОРХАДЖИЕВ ХОЖБАУДИН кхоллараллин суьйренна лерина.)

            ГОВЗАНЧА

Говза дош аларо хийла дов дерзийна,
Лоьраша ца йерзон дера чов йерзийна,
Мерза дош аларо шога дог даьстина,
Де эшна дисина г1ийла буо хьаьстина.

Довха дош аларна, халкъо  хьо къастийна,
Хьайн къоман доьналла ахь хийла хастийна,
Т1еман ц1е д1айайа масла1ат ахь дина,
Фитнан чов йерзайан говзанча хьайх вина.

Хьан байташ вайн махкахь 
халкъалахь  йевзина,
"ТАЬНГИ ЧУ" - хьан  илли  дуьненна девзина.
Вайн къоман доьналла ахь цаьрца гайтина,
Г1елделла нохчийн къам байташца г1аттийна.

Ахь олу х1ора дош г1иллакхца дуьстина,
Хьайн къоман дозалла - 1адаташ лардина,
Т1аьхьарчу т1аьхьенна сирла некъ гайтина,
Лакхара мах болу деза дош дитина!

Хьо тхуна вахалахь ц1еначу ойланца,
Вайн къоман дозалла гайталахь  хьуьнарца,
Хьан некъаш хуьлийла маршоне  дехкина,
Йозанаш дуьсийла дешица кхелина!

09. 03. 23ш.