Сан харжам

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

САН ХАРЖАМ

-"Ден меха х1ун ду хьан ?" - хатта цхьаъ веъча,
Мах хадош ала дош  кара ца до.
Дуьненна гуо тесна и волчу йеъча,
Йезаш т1еэцаро ирсе йо со.

Д1о лаьтта Эла барз теш х1оттош сайна,
Шерачу аренах ас ч1аг1о  йо,
Дала т1едиллича : - "Да харжа хьайна !"
Т1аккха а сан харжам хир бара,  Хьо !

Ницкъ белча кхоьллинчо,  мархашка йаьлла
К1адйалар ца лоруш, хьо гайта д1а,
-"Иштта "Да" хиларна ирсе йу!"- аьлла,
Хастам беш йуьхь-сибат довзийта хьан.

Хьо волчохь синтем бу, маьрша хиларна,
Харцонех ларйеш ахь кхиорна со,
Мехала ду тахна хьо сайца гарна,
Сан Да Ву! - бохуш хьох дозалла до!

Цахилча йиш йоцу, сан хьоме Дада,
Хьо йу сан ломара ч1аг1онна б1ов,
Бийцарх шайн х1усмашкахь  дика дай наха,
Къовсуш хьан дикалла кхайкхор  ду дов!

27. О5. 21ш./05. 05. 23ш.