Туркаев хьасанна лерина

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

КЪОМАН ДОЗАЛЛА
(Туркаев Хасанна лерина)

Хьекъалца, доьналца харц-ц1е  д1айойъуш
Къахьегар вайн къоман цхьа дакъа ду,
Харцонца лайна вон  диканца дойъуш,
Мехкан сий айинчех и билгал ву.

Къонахчуьнан дахар мог1аре дуьллуш,
Замано гайтича къоман лазам,
Харцо т1екховдийча и кхеле йуьллуш,
Вайн бала байбинчех ду и адам.

Бехк боцу кхел йина кхойтта шо доккхуш,
Лаккхарчу 1илманца  дуьхьлонаш йеш,
Т1ом бинчех ву къонах, шен толам боккхуш
Исбаьхьчу белхашца хьекъийна беш.

Мостаг1чо г1елойеш, къам махках доккхуш,
Лаьттат1ехь ца йита  вайнехан лар,
Бух байъа х1аллак ди вай мехкан жайнеш,
Ткъа цо сий ойуьйтуш дехи вай г1ар!

Лаккхара шен белхаш къаьмнашлахь баржош,
Сада1а ца кхеташ хьоьгуш шен къа,
Нохчочун сирла ц1е дегнашкахь йаржош,
Дашочу къоламца йазйайти д1а.

Вахалахь дуккха а йахь йолу къонах
Кхин д1а а бовзуьйтуш вайн къоман мах,
Ахь бинчу белхан мах  бац хьуна борах,
Дебийла махкана хьо тайпа нах!

06. 08. 23ш.