Къоман дозалла

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

КЪОМАН ДОЗАЛЛА
(Туркаев Хасанна лерина)

Вовзалаш, везалаш  Хьасан Туркаев,
Вайн къоман иэсах и цхьа дакъа ду,
Харцонах доьттина деза дукъ ойъуш,
Мехкан сий айинчех и билгал ву.

Хьасанан дахарца мог1аре дуьллуш,
Бовза йиш вайн хуьлу къоман лазам,
Базбина боцу бехк къаьмнашна буьллуш,
Вайн бала байбинчех ду и адам.

Харцонца кхел йина кхойтта шо доккхуш,
Харцонна 1илманца дуьхьлонаш йеш,
Т1ом бинчех ву Хьасан, гуора ца х1уттуш
Вайн къоман исбаьхьа кхиорехь беш.

Хийлаза, г1ело йеш, къам махках доккхуш,
Ца йита Нохчочун дахарехь лар,
Дагийча, лечкъийча вай мехкан жайнеш,
1илманца даьккхи къам дуьненна г1ар.

Лаккхара шен белхаш къаьмнашлахь баржош,
Сада1а ца кхеташ хьегна цо къа,
Вайн къоман сирла ц1е дегнашкахь йаржош
Дашочу къоламца йазйойтуш д1а.

Вахалахь дуккха а йахь йолу къонах
Кхин д1а а бовзуьйтуш вайн къоман мах,
Ахь бинчу белхан мах  бац хьуна борах,
Дебийла махкана хьо тайпа нах!

06. 08. 23ш.