Кхетта

Муса Вольф Айдамиров
Дуьненах кхетта со, кхин са ца гаттадо,
Малх г1аьттича самукъдолу 1уьйранна,
Беттаца  велалой гергарло д1ах1оттадо,
Стигала хьоьжуш къайлахан буьйсанна.

Дахар дика 1илма ду, хьесап долучунна,
1амада  атта дац, цуьнан хьуламан абат,
Дика вуонах къастош йаздо х1ора денна,
Къагадеш сайн 1ер-дахаран йоьхь-сибат.

Дагарда  ца до ас шерашца  д1адаьлларг,
Ирсе хилла д1аихина, полларчий-денош,
Иэсан т1орказ чудуьллу лараме хилларг,
Дендо дагадеъча, меллаша к1еда  дегош.

Хьаьнц-хьаьнца шуьне хийшар, дош дац,
Мацалла г1оле йуь, ирча ко1ане ца вожа,
Мил-милла а доттаг1 ву баха а хьакъ дац,
Тешаме доттаг1 хуьлу, кхаж атта ца божа.

Г1о доьхучуннах ведда, пайда ца лехьош,
Г1ийланиг хьостуш сай-ла вуха ца лоруш,
Баркалленца  дагардо сан дахаран денош,
Вуон дерг а дика дерг а, хьасартац доруш! (С) 07.08.23.