Т1аьхьлонна дош

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

Т1АЬХЬЛОННА ДОШ

Дуккха бу Нохчийчохь г1иллакхе оьзда нах,
Хада а лур боцуш диканна кхоччуш мах.
Йахь цаьрца хилла  йу,
Йуьхь ларйеш лаьлла бу,
Бакъволчу нохчийчо делла дош лардеш ду.

Безаман йукъ-меттиг экаме хилла йу,
Ша тайпа куц х1оттош безам вай кховдош бу,
Г1иллакхах ца вуохар, къонаха хилар ду,
Собаран да велахь, бакъволу Нохчо ву.

Т1аьхьлонна дош далар, йа кера ч1уг йалар,
Дахаран билгало - шен везар къаставар.
Шен дашах ца йохар, шалхо ца лелайар, 
Цунах ду х1утту сурт дог-ойлий цхьаъ хилар.

Цунна т1едоьг1на ду, безамах сан дийцар,
Дац и цхьа бух боцуш, ойланаш д1айийцар,
Маьрша 1ар доьхна ду, т1ом бу вайн Нохчийчохь,
Ладег1ар дукха ду, буохамна, х1ора чохь.

Шелара базар йу, мацаллех бохуш нах,
Доьналлех ца бовлар, гайтинарг къоман мах,
Луларчу йуьртара йог1у йо1 базара,
Амма цу халонех  йоьлла и йацара.

Шелара къонах ву цу йо1е б1аьрг бетташ,
Г1иллакхца-г1уллакхца массарех ву къаьсташ.
И йо1 йац къуонахчун безамах д1акъехкаш,
Бевзарш бу безаман ц1еналла  хестайеш.

Вовше уьш бевзина йаьллера дикка хан,
Бахьна дац ц1еначу безамна дуьхьло йан,
Т1аьхьлонна дош дезаш йо1 йолчу веъна к1ант,
Дош дели безаман, доцуш шех цхьа а ант.

Воккхавеш дахарах безамо дуьзна дог,
Кхолламан ойлайеш боккху цо х1ора ког,
Ц1еххьана бодано ирсан некъ хадийра,
Мостагч1о геннара ракеташ туьйхира.

Валарна висарна йуккъехь и висна ву,
Безамо даггарчу дуьненчохь сецош ву,
Ткъа и йо1, вайн Деле шен везар воьхуш йу,
Аллах1е безамах, ца йаккхар доьхуш йу.

Куьзганчу хьаьжчи к1ант. Йуьхь-сибат девзаш дац,
Хиллачу аматах цхьа а лар йисна йац.
Ойла йи: - " Эрна ду, безам бу, сан бахар...
Йуьтур йу хьомениг, нисдайта  шен дахар!.."

Кхайкха нах бахийти, безамах дилла  дог.
Т1еваха аьтту бац, лазийна ши а ког.
Ца тоьттуш кханенга сихонца кхечи йо1,
Ладог1а йоьлча и, саццанза дели дог.

-Ма гарра ду сан хьал! Дийцинарг эрна ду.
Дахар хьайн лахийта, ас парг1ат йуьтуш йу.
-Сих ма ло! Доьху ас.- цу йо1а элира,
Ша аьндерг довзийта шена теш лецира.

-Вайн Делан лаамца нисделла вайн довзар,
Аллах1ан пурбанца безаман чам бовзар.
Дика-вон диекъа хьан, т1аьхьлонна делла дош
Халонга ваьлча хьо, дац хьуна эрна довш.

Азаллехь са кхуллуш кхоьллина сан безам,
Дагчуьра д1акховдо, кхечунах бац тешам.
Хьо цхьаъ ву кхолламна ваьхнарг ас вайн Деле,
Хьоьца бен рицкъ эшац, ирс дуьллу ас кхеле.

Са кхуллуш йаздинчух  вайх цхьа а вера вац,
Хилла чов, заманца, йерзанза йуьсуш йац.
Хьайн дарба лахалахь, чов йерзо хьажалахь,
Хьо гаре сатуьйсуш леларйуй  хаалахь!"

Дахарах дог дилла, цу йо1а ца витна,
Цу к1анта лелонза цхьа дарба ца дитна,
Шо шаре далале,  к1ант кога х1оьттина,
Т1аьхьлонна дош делларг, ирсах цуо йоьттина.

Къуоначу т1аьхьене масала иэцийта,
Ц1еначу безаман, лаккхар мах бовзийта,
Вайн хаза г1иллакхаш цкъа а диц ца дайта,
Йаздина ас дийцар , цунах ирс иэцийта.
18. 05. 23ш.