Вуьрх1итта шо

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ВУЬРХ1ИТТА ШО

Вуьрх1итта шо кхечи, Динара, хьан.
Дуьненчохь да воцуш хьо ирсе йан,
Мел ч1ог1а сатийси аш вовшен ган,
Массарна Дела ву  Шен бекхам бан.

Боцу бехк буьллуш т1е  х1усам йохий,
Ирс эца ца буьтуш доьзал бохий,
Шу сирла ойланаш  хьешна йохий,
Вовшеха къастийна дуьне дохий...

Ден  марзо эшарна, хийла йелхий,
Сингаттам бала ахь,  Деле балхий.
Вайн Дала эшамна совг1ат дели,
Барт, марзо х1усамехь шуна йели.

Хаалахь, ши ваша хьан кхане йу,
Т1етовжа, хьо ларйан, лекха лам бу,
Хьан сий дан, пусар дан ши совг1ат ду.
Шу Нана хиларна, хьо ирсе йу!

Дех йаьлла, дера йу, хьан деган чов,
Кхел йинчу Деле, ма кховдаде дов,
-"Делан кхел йу" - олий, сингаттам  лов,
Сатоьхча ирс ло "Цо" - эзаршлахь сов.

Харцонаш лелийна харцонан дай,
Ма хила сел къиза, бераш   ду бай.
Бакъонаш вайн Дала-м толайеш йай,
Аллах1ан безаш бу Шен миска лай.

Мел лайнарг,  мел дайнарг даьккхина д1а,
Ирсан мукъ кховдийна хьан кара схьа,
Хуьлийла х1ора де беркате хьан.
Лааркха массарел хьо ирсе ган.

Сатоха цхьажимма, Динара, ахь,
Къоначу  дахарехь мел хало гахь,
Харцонаш лелийнарг, цкъа мацца лахь,
Бекхамна, ловш 1ийр ву эхартан къахь!

04. 06. 23ш.