1алхан йурт

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова -/Джабраилова./

1АЛХАН ЙУРТ

Маьршачу дахарна йурт йилла чот йина,
Т1аьхьарчу т1аьхьенна шех беркат дитина,
Йурт йилла мохк толлуш, къовллуш йукъ йихкина,
1алхас мохк хаьржина тоьлла ц1е йитина.

Шерачу аренца шовданаш карийча,
1аламан хазалло шен корта хьовзийча,
-Дуьненан беркат ду, - шен даго ч1аг1дича,
"1алхан йурт"- ц1е тилли кхетамца бакъдича.

Шал-шийла шовданаш чомана аьхна ду,
Уьш муьйлуш, йурт кхиош беркате адмаш ду.
Йурт йуьллуш ма деххар:-
Хохку дин тоьлларг бу,
Куц долу, йахь йолу къонахой йуьртахь бу!

Советан 1едална йухбевлла, къар ца луш,
Бусулба дин даржош, шайн  кертахь хьуьжар йеш,
1илман дай кхерамна кхин йуха ца бовлуш,
Баьхна бу цу йуьртахь беркат шайх оьцуьйтуш.

Ц1ейахна Эвлийаъ ваьхна йу 1алхан йурт,
Беркате т1аьхьено къагийна йуьртан сурт.
Йахалахь хьоме йурт  ирсах некъ биллина,
Хьаша-да лерина, шуьйрра ков диллина.

04. 08. 23ш.