Ца йоьрзу чов

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

(Къоман турпалхошна, Баталов Вах1ида тобан- синошна лерина)

ЦА ЙОЬРЗУ ЧОВ

Дикка хан йаьлла д1а, махкахь т1ом бирзина.
Маьршачу дахаре х1ора стаг вирзина.
Дагт1ера вайн чевнаш моьнашка йирзина,
Мел лайнарг, мел дайнарг дийцаре дирзина.

Ойланаш, г1айг1анаш йаз а луш схьагулло,
Г1азотехь 1аьнна ц1ий шерашца диц ца ло,
Къоман сий лардинарш иллешкахь бийцаро,
Турпалхойн сий а деш къонахой кхиабо!

Март беттан цхьайттолг1а къиза де, хьо къахьло !
Сингаттам совболий шун йуьртахь тхо гулло,
Зийарте х1уьтту де шерашца диц ца ло,
Цу дийнахь ша-тайпа 1алам а хийцало...

Оьг1азе ч1уг йетташ бердаш а херцадеш,
Нисделча дуьхьала т1улгаш а керчадеш,
Таьнги хи кхочу схьа, дестадой балано,
Т1еман къахь йицйала ца йуьтуш замано.

Ц1еххьана буьйсанна карзаха болу мох,
Кораш а дегадеш Таьнгица бетта мохь,
Йуха а тезет ду  х1оттийна 1аламо,
Бала кхин бай ца ло 1ехадарх замано.

Вах1ид, хьайн тобанца тхан дагчохь висна хьо,
Аш ц1ийца йаьккхинчу маршонан пусар до,
Хан-зама мел йолу  шу доцуш эшам го,
Х1оранна аматаш диц ца дан ч1аг1о йо!..

Ларамца шун йуьрта кадам бан дог1у тхо,
1алам а кху дийнахь 1адийна хетало,
Тешнабехк биначе х1уьттуш  дог 1ийжадо,
Шу иэгна лаьтта т1е б1аьрахиш 1ийдало.

1аламо хьоьстучу Таьнги-чу даладо,
Шу сина доккхучу  саг1анах кхета тхо,
Шу ц1арца х1оттийна мелана междиг го,
Ламазан йолаца синошна до1а до...

-"Шун синош хьийзийла Йалсаманан майдане,
Буохамна бехкен берш лоьцийла йийсаре,
Саг1анаш кхочийла шу синан кхачане,
Мел лайнарг, мел дайнарг доьрзийла  дарбане!.." .

11. 03. 23ш.