Чуьйнан экъа

Муса Вольф Айдамиров
Хьалха суо  санна майра, цхьа а вац  моьттуш,
Массарна а туг1уш-1уттуш хилар вуон лелаш,
Зударий а кхуьллуш, царна  т1е мохь боьттуш,
Хинса санна кадениг  лоьхуш сайна, меллаша.

Диъ шарахь  ас кертара йиъ зуда д1аэккхийра,
Пхоьалг1а зуда  йалийча, кхоалг1а суьйранна,
Чорпа шийла йуь аьлла, луьра дов  даьккхира,
Корта к1елкхечира йоккхачу чуьйнан экъанна.

Горгали бекош, тамашена б1агор т1елестира,
Цхьажимма метта вогг1ушехь, эша эхь хеташ,
Йахь д1а ца луш цуьнца ма хуьллу со летира,
Толам баьлча араластийра иза мийра бетташ.

Сатосуш корах д1ахьаьжча луо  дара диллина,
Куьзгана чухьаьжча узар дира, вай-вай бохуш,
Хьаьж т1е буйналла буьччалг йар т1ейиллина,
1аждарго 1аржбина, сийна б1аьрг бара богуш.

Ирча болх хилла воьхна тапп  аьлла д1атийна,
Не1 йиллича сайн зуда гира лай тьаьхь йехаш,
Хаьттира цуо йолхуш б1аьрхиш д1аъластийна,
Йитийна со йахийтахь хира вуй хьо дог дехаш?

Г1ийлачу зудчуха къа а хетта хьаг1 д1атеттира,
Х1ан-х1а, иштта сан вастаца товш зуда лоьхуш,
Дукха хан ма йуь аьлла, иза х1усаме чутеттира,
Даха  деза вай  бертахь луьралла ара а лоьхкуш.

Сайн зудчунца машарийн йукъаметтиг нисйина,
Цунна  дов дан  дагдеъча, б1агор хьовза болало,
Чуьйнан  экъано коьртанна, тамаше дарба дина,
Амма сих-сиха  вела бахьана ца хилча а велало! (С) 29.07.23.