Абаден безам

Муса Вольф Айдамиров
Ткъа шо ду г1айг1анаш дагчу жирг1 йоьтту,
Сих-сиха  буьйсанна иэс ц1изаш схьакъеда,
Чаккхенза 1аьрше хьоьжуш, беттасе хоьтту,
Мичахь бу со цхьалла вожийна бигна седа?

Ткъе хьалхара б1ешо шозлаг1 т1ом бахьаш,
Деара 1азапхонна горх1отта цатуьгу Махкан,
Б1аьсте йолуш, къам дара саьлнашкахь 1аш,
Мостаг1ий йоккха тоьпан еттаршах къаьхкан.

Воккхавина тобалкхийн, сийначу б1аьргехьа,
Хезча Махках кхахеташ, н1аьвлаш делхалуш,
1аламо бала бицбина ойлане воьжна г1ехьа,
Хеттира пошме стигала хоьжу йо1е велалуш.

Алахьа, цкъа а инзарйолуш хазчу б1аьстенна,
Хьан къайлабаьхьна сатийсамаш кхерстабеш,
Хилли хьо ларамаза безамо ца хоттуш стенна,
Нехан керта чукхоьссина, дера нуй лестабеш?

Иштта забарен вистхилла, къовламен йо1аца,
Къамел тессира жима волуш, ткъа шо хьалха,
Йела а йелла оьзда, меллиш лаьтта хьажарца,
Х1ан-х1а элира цуо, г1олехь ду хилча цхьалха.

Цуьнан хьуламе хаза, зарзарийн аз хеззашехь,
Дог ц1еххьашха 1овжийра безамо 1ов тоьг1на,
Хьоьх б1оболара-м дай ма дац, дожа ма дехь,
Дитахь т1ай, дехара дира ас, хьо гича доьг1на.

Х1етахь ирча харцоно йат1ош балане лаьттачу,
Сан Г1алан урамаш тьема-кеманаш лелхадеш,
Ца хетар кхизалла а, 1ожалла а гинчу коьртачу,
Бужурбу аьлла хье лоцуш безам илли декадеш.

Хазчу йо1ан т1ехьоьвзана кхо к1ира д1адаьлча,
Т1емо чулла сов-т1еха безамо корта хьовзийна,
Хан йиллир, кара ч1уг луш д1айига бутт баьлча,
Кестта, х1оьан геригаш йоьжийра йо1, чов йина.

Сихха ден-ненан керта йо1 йеха нах баг1ийтира,
Цултаьхьа т1евехна, дешна стаг лазартне вигна,
Нохчийн 1адатац ма оьшшу хьанала никах дира,
Сайн дола йо1 йерзош, цунна 1уналла да лиъна.

Тийжира итт де-буьйса, зудчун уллера ца волуш,
Хьестара цуо со, безамах дуьзна б1аьрхьажарца,
Т1аьххьара, деса хира дукх бакъдуьне хьо воцуш,
Аьлла, сан куьг лоцуш йелира из к1еда хьажарца!

Цхьаъ-бен  цахилла йезар, билггал  д1аваллалца,
Йалцманан зезаган аренан шорте мохь хьоькхуш,
Г1ийла б1аьрхиш д1алегош, къемат-де даллалца,
Лела мега йолхуш, мичахь ву хьо олуш со лоьхуш! (С) 20.04.21.