Ц1аверзар

Муса Вольф Айдамиров
Жим-жимма неха арено, хама боцуш махетта,
Гур буьг1ира ткъа шо хьалха шен дола ваккха,
Сан доккха, г1ийла дехар, кхолламо къахетта,
Къобалдина тахана ц1аверзийна хьоме махка.

Ма дукха хан йалла иштта сийна стигал ганза,
Шовданан хи маланза, дагчу синтем а буттуш,
Дукха хан хьаьдда иштта вог1авелла латтанза,
Лаьмнаш гуш дог доьлуш, логе шад а х1уттуш.

Д1атийна гонаха хьаьжча ч1ог1а са хьоьвзина,
Тамаш беш бендоцу замано бина хийцамашна,
Со вина Дай баьхна йуьрта эхь хетта ца евзина,
Б1аьрхица цецволуш сел шорделла кешнашна.

Н1аьвлано  ц1аверзар кхайкхийна хаза эшарца,
Махо мерза маркхетта, сихха д1алеллина дохк,
Бакъдолун ирс  ц1ахь хилар тешалдеш дехарца,
Д1а ма г1охь кхин, бохуш, д1атоьттуш Даймохк! (С) 19.06.23.