Беттасан синкъерам

Муса Вольф Айдамиров
К1ажадахан делалуш соькано йолийна зурма,
Хенак1уро говза, тоьхначу жирг1анца цхьана,
Зарзаро шен эшарца безаман лоькху хьурмат,
Серладаьлла беттаса хаза хеташ, шен хезана.

Беттасо д1ах1оттийна синкъерам д1ахадалай,
Седарчийн дела1одан дашо х1оз кхиалай боха.
Аьхкенан йоца буьйса т1ах-аьлла д1айадалай,
Чехка ара ваьлла х1оьттан суьрте б1аьрг тоха.

Йуьй техьа хьомениг мелла а соьга сатуьйсуш,
Къегачу 1аламан хазаллех со санна дог дехаш,
Б1аьрлачу стигал хьаьжча со дуьхьал туьйсуш,
Седарчишна йуьккхехь, из хелха йаккха лехаш! (С) 15.06.23.