Нохчийн меттан денна

Аза Атагинская
Нохчийн маттана леринчу мероприятин сценарий


1 Ведущий :
Суьйре дика йойла шу!   
Марша дог1ийла шу, лераме хьеший!
    Нохчий мотт безаш,  нохчийн мотт базбан, нохчийн мотт лоруш, цуьнан сий деш,  мотт кхион, мотт  марзбан, хазбан  лерина долчу тховсалерачу цхьанакхетарехь ду- кха шу!

2 Ведущий:
Марша дог1ийла шу нохчийн мотт безаш, лоруш, цуьнан хамабеш болчеран цхьанакхетарехь!

Ведущий :
   Стеган къам къастош берг - буьйцуш болу мотт бу.
Мотт - вайн ойланан, хьекъалан, дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу.
Нохчийн мехкан Куьйгалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 2023 шо «Нохчийн меттан шо» ду аьлла д1акхайкхадар бахьана долуш, тахана вай д1ахьур ю «Шовданан аз»  ц1е йолу мероприятии.

 Ведущий :
Тховсалера суьйре кечйина, вай кху «Очаг предков» ц1е йолчу кхерчахь т1елаьцна, нохчийн мотт безаш, цунна сагатдеш, йолчу кху кхерчан да, нана хила 1аш йолчу Абубакарова Лизина дош лур ду-кх вай.

 Ведущий
  Вай долчу баьхкина хьеший бовзуьйтур бу вай х1инца:
1.   Нохчийн  яздархо, поэт,
Нохчийн республикан хьакъ волу журналист,
Нохчийн республикан Йаздархойн союзан Председатель,
Нохчийн республикан Парламентан депутат,
Кадыров Ахьмад-хьаьжин орденан кавалер,
Нохчийн республикан сийлахь гражданин Ельсаев Аламахьад

2.Абдулаев Аслан – Руководитель Департамента Правительства по связям с религиозными и общественными организациями
3. Батаев Дени – Руководитель КНИИ РАН, российский чеченский учёный, доктор технических наук, профессор, академик Академии наук Чеченской Республики, заслуженный деятель науки Чеченской Республики
4.   Дадашев Райком - доктор физико-математических наук, профессор, действительный член Академии наук Чеченской Республики, вице-президент Академии наук Чеченской Республики, поэт.
5. Овхадов Муса – Директор института чеченского языка, чеченский учёный, доктор филологических наук, профессор, член-корреспондент Академии наук Чеченской Республики, заслуженный деятель науки Чеченской Республики, Почётный работник высшего образования Российской Федерации[1]. Признан профессором года по Северо-Кавказскому федеральному округу (2018).
6. Борхаджиев Хожбауди- советский и российский чеченский поэт, писатель, публицист, переводчик, журналист, главный редактор Гудермесской районной газеты «Гумс», председатель Союза журналистов Чечни, член Союза писателей России и Союза журналистов России. Заслуженный работник культуры Чеченской Республики.
7. Бурчаев Хьалим
8. Имаев Тапа –
9. Мецалов Магомед – Директор Чеченской туристической компании «Беной Трэвел»
10. Эльснукаев Надирсолта – советник директора Компании «Беной Трэвел»
11. Джабраилов Сайд –Эмин – Председатель Правления Совета ЧРО ВОО «Региональное Географическое Общество»,
Член – корреспондент Международной Академии
12. Чагаева Тамара - журналист, издатель. Региональная общественная организация "Надежда Чечни"
13. Навразова Хава – Доктор филологических наук, профессор, заведующая кафедрой чеченской филологии.


Дош ду Ельсаев Аламхьадана
Дош ду Абдулаев Асланна
Ведущий:
Дуккха а оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а аьлла дешнаш а, цитаташ а ду вайн нохчийн маттах лаьцна.

Ведущий :
Вайн нохчийн меттан талламхочо Петр Карловича Услара аьлла вайн маттах лаьцна:   
       "Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггар а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьал долуш бу".

Ведущий :
Ткъа, оьрсийн воккха яздархочо Лев Николаевич Толстойс  иштта аьлла:
        "Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь".

Ведущий :
Г1араваьлла волчу нохчий яздархочо Айдамиров Абузара нохчийн маттах лаьцна  ч1ог1а хаза,  к1орге дешнаш аьлла :

Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу.
Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчо, нагахь санна шен халкъ а,  Даймохк а безаш  велахь, шен ненан мотт  Iамош а, хууш а хила веза.
Iамадейша дуьненан дерриге а меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а Iамабай,  оцу маттахь яздан а, деша а Iамадай.

Ведущий:
Хьомсара доттаг1ий, лераме  хьеший!

1илманчаша а, хьехархоша а, журналисташа а ондда къахьоьгу нохчийн мотт кхиорехь, 1аморехь, баржорехь.
Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларца нохчийн мотт кхиорехьа  деш дуккха а пайде, мехала г1уллакхаш ду. 
Яздархоша керла произведенеш арахоьцу. Драматургаша керла пьесаш язйо. Шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь боккха тидам т1ебохуьйту нохчийн маттахь кечъечу материалашна.
Нохчийн маттахь книгаш арахецаран болх кху т1абхьарчу хенахь жигара баьлла, «Даймохк» газет, журналаш — «Орга», «Стела1ад»  а. Телевиденехь а, радиохь а кечйеш тайп-тайпана программаш ю.

Дика маь1на долуш, к1орге язйина байташ даима цхьа къайле йолуш хуьлу! Х1ун хир дара кху дуьнен т1ехь байташ ца хилча? Пушкин, Лермонтов, Шекспир, иштта кхин болу поэташ ца хилча?
Дуьне духур-м  дацара! Цхьа х1ума- м ду, синкхача к1езиг хир бара, литература къиен хир яра.
Поэзино дуьне, дахар цхьа башха гойту,  хьежам ша- тайпа хуьлуьйту.
Хаза байт ешча, суна х1ун олий хетта хаьий хьуна?
- Эхх1ай!  Сан ойла мичахь хилла-те? Суна хуур дарий-те иштта хазачу, исбаьхьчу дешнашца байт язйан?- олий дагатосу.

Вайн цхьанакхетарехь  тховса дакъа лоцуш  вайн нохчийн маттахь байташ язйеш, нохчийн мотт безаш, и кхион лууш болу поэтессаш бу :
 1.Инга Хаяури
1. Джабраилова Азман
2. Халидова Хеда-хьаьжа
3. Мамакаева Румиса
4. Есаулова Хадижат
5. Сатуева Мадина

Вайн нохчийн зударийн дуьнене хьежам  ша тайпа бу.   Зударийн поэзии а хуьлу шен хат1 , шен к1еда мотт  болуш. Доцца аьлча коьртера схьа хилла ца 1аш, деган к1оргера схьадуьйлу церан дешнаш.  Х1инца сан вайн хьешашка цхьа хаттар ду:
 - Зударий поэзин мах х1ун аьлла хадор бара аша?
// По желанию -   лучше из СП

Дош ду – Батаев Денина
Дош ду - Дадашев Райкомана  /нохчийн маттахь шен цхьа байт йешар/

Выступления поэтесс:
/очерёдность/



«Г1ийлачу байтех сайн  ца г1ерта со ирдан тур,
И доккхуш ца ихна т1емаш бан, йа баккха толам.
      Дахарехь хийлазза беана са лоцу мур,
      Т1аккха схьаэцна ас ойлануо ирбина къолам»

Иштта  йаздо шен дахарехь ша кхолларалле бина некъ гойтуш, нохчийн поэтессас    Хаяури  Ингас–

Помощник председателя Союза писателей Чеченской Республики,  Член Союза писателей Росии, Член Клуба писателей Кавказа, Победитель многочисленных литературных конкурсов, и самое важное –  Мама 5 петярых дочерей!

Ингас белхаш бина «Ингушетия», «Вестник Сунжи» ц1е йолчу газеташкахь. Ингин  произведенеш зорбане йийлина масех юкъарчу гуларшкахь, газеташкахь, журналашкахь а. 2021-чу шарахь Ингас толам  баьккхира  «Нохчийн матах - нохчийн махкахь» ц1е йолчу конкурсехь.  Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йазйо къоначу поэтессас шен байташ.
Цул  сов, хазахетарца  т1етоха  лаьа -  шина маттахь  дукха хаза, говза гочдарш  /переводы/ ду цуьнан: Усманов 1имранан,  Гадаев Мохьмад- Салахьан, Цуруев Шарипан, Смеляков Ярославан, Высоцкий Владимиран, Пастернак  Борисан, Гейдар Джемалан. иштта д1а кхин а.
Ингин дуккха байташ эшаршка йевлла ю.

Дош ду Хаяури Ингина.

Музыкальная пауза  /  песня
Дош ду Овхадов Мусана
Дош ду  Борхаджиев Хожбаудина
1. Х1инца вай дош лур ду Халидова Хедина.  Хеда- хьаьжа Шела- к1оштан яхархо ю. Цо шен байташца ешархошна  Даймахке болу безам, шена гонаха долу хьал,  ша терго еш дерг, вайнехан г1иллакхех, оьздангаллех доьзнарг гойту.  Цо  довзуьйту  шен дагна 1еткъаш дерг а. Хеда,  хьайн цхьа- ши байт йовзийтахь  тхуна!

/выступление Хеды/

2. «Бохь лекха лам баккхар санна ду дахар.
Вай цигахь йуьту лар хаац мел йехар.
Диканиг довр ду вайн, беза мохь хилла,
Йиш йоцуш делахь и адмашца декъа»

Дахарх лаьцна иштта ойланаш йоДжабраилова Азманас - 
-  Россин  Яздархойн Созан декъашхо ,  2018 шеран «Поэт года» къовсаман дипломант ю, Ассамблея женщин руководителей ЧР декъашхо ю. Шен  дахар берашца доьзна, даима школехь а, студенташца белхаш бина ю.   Школехь доьшуш йолуш дуьйна байташ язйеш ю.  Атта дац кегийчу берашна байташ язйан. Берийн ойланаш, берийн хьежамаш, сатийсамаш, церан дахар девзаш хила веза берашна байташ язйеш верг. Ша бераш дезаш, берашца болх бина хиларе терра Азман кхета берийн ойланех. Оьрсий маттахь, нохчийн маттахь цхьатерра говза, дика язйо цо берашна, баккхийчарна а. Даймахках, вайн мехкан хазаллех, вайн лаьмнех, Нохчийчоьнан 1аламах лаьцна ю поэтессин байташ. 

Вай х1инца схьакхойкху  Гумс - г1алара номер 4 йолчу школан дешархошка, йижаршка Исраилова Радимига,  Алинига. Цу шиммо вайна йовзуьйтур ю Джабраилова Азмани «Нохчийн матах дош» - ц1е йолу произведени.

Азманина дош ду. ЕЕ стихи читают дети.
Чинхоева Зарема


3. «Дуьсур ду х1ара дуьне вайх а, дисначех санна,
Аллах1на дуьхьалах1ун эцна х1уьттур ду вай?
Йа вайх шеен къинхетамбийр бу-те, геч деш къиношна…
Йа  кхиэлан цу баьрчче  кхачор-те шеен миска лай»….

«Жима Алиса» ц1е йолчу сценарин автор, Йерригроссин туьйранийн конкурсан декъашхо, цу конкурсехь дакъалоцуш язйинчу «Жима Алиса» ц1е йолчу сценарин автор, хьехархо, берийн психолог, поэтесса  Мамакаева Румиса.
Бераллехь дуьйна  вайн къоман барта кхьоралларе безам лаьтташ, Даймохк, 1алам, шен хьоме Теркйист йезаш, и берриге безам шен байташка а буьллуш схьайог1уш ю Румиса.  Газеташкахь, журналашкахь  зорбане  йийлина  Румисин  байташ.  Хазахетарца билгалдоккху  Румисас ша берашна язйеш хилар. «Стела1ад» журналехь  зорбане йевлла поэтессин берашна язйина байташ.
Х1инца вай схьакхойкху Мамакаева Румисига.

Музыкальная пауза
Поет Успанов Аслан
Дош ду Бурчаев Хьалиме
Дош ду Джабраилов Сайд Эмине

4. «Т1аьххьарчу  мог1анехь буьллур бац т1адам.
Йозанан чаккхене со кхийдар яц.
Дийцаран кхеле ас буьллур бац лазам.
Хьекъал а массаьргахь цхьатерра дац.»

Х1ара биъ мог1а язбинарг ю Есаулова Хадижат. Хадижата байташ язйен дикка хан ю. Дукха байташ мукъамашка йийлина кху поэтессин.
Цул совнаха, ша мукъам боккхуш, эшарш д1алокхуш ю, дукха хенахь дуьйна бераш 1амош ю.
Хадижата 1амийна бераш конкурсашкахь толамаш бахарна, грамоташ, баркаллин кехаташ, дукха совг1аташ ду.
Союз женщин России декъашхо,
«Национальная родительская ассоциация» ц1е йолчу оганизацин декъашхо а ю Хадижат.
Хадижат, хьайна уггаре хазахеташ йолу цхьа-ши байт ешахь вайн хьешашна.
Ведущий:
Хадижата шеца шен ч1ог1а говза ши бер далийна.
Буруев Адам, Буруева Амина! Адам, Амина лингвистически школан дешархой бу.
Выступление детей.
Дош ду Эльснукаев Надирсолте
Выступление –
5. Сатуева Мадина нохчийн мотт безаш, бевзаш, байташ язйеш а ю.

Ведущий :
Хаттаршна жоьпаш луш долу ловзар.
Х1инца вай хьовсар ду вай хьешашна вай къоман кицанаш, аларш муха хаьа
Нийса хьалхара жоп деллачунна совг!ат хир ду.
1. Хаьн т!е хьаькхина балг санна х!унда олуш хила? (Дукха ч!ог!а кечвелла, къага а къегина, шех воккха веш вверг).
2. Тамарна т!е хиъна дахка х!унда аьлла? (Хьаьжк!а йиъна, дукха буьзна, кхерам байна, ша-шена реза бу и дахка, дукха вуьзинчу кура стагах олуш хилла)
3. Лулахошка олла баьхьина йай  санна (хьо мичча вахача а, хьеввзина ц1а воьрзург хилар)
4. Демала бахана дахка (кхи оьшуш х1умма а доцуш, хьолаха вуьзина стаг)
5. Саьлмирзи говр санна
6. Махьарла бахана жин
7. Ц1аваха ваьлла ц1еста пхьар
8. Когаша напг1ина т1е, матто упхина т1е вуьгу  - и бохург х1ун ду?/Когаш бетташ, къахьоьгуш волчунна юур-мерг карайо, вуониг дуйцуш верг каш чу вига тарло /
9. Хохана а моьтту ша стом бу.  /шен к1уолла ца евзачунна ша  мерза хета /
10. Нускал-м говза дара, хингал гома ду-кх – х1унда аьлла?  /Куьйгана говза доцучу нускало хингалш вуо дича, хингалш гома ду аьлла д1адерзийна марзхоша/

Жоьпаш дукха деллачарна совг1аташ д1адалар.


Чекхдала герга дахна вайн нохчийн маттана лерина долу  «Шовданан аз» ц1е йолу литературни цхьанакхетар.
Вай тховса дийцинарг вайн нохчийн литературан цхьа к1еззиг дакъа бен дацара.
Кхин дийца а, деша а дуккха дисна. Х1ара цхьанакхетар кечдеш, д1ахьош, къахьегнарш тешна бу, тховса хезнарг, гинарг вайн мотт кхиорехь пайдехь хирг хиларх!
Дала аьтту бойла шун! Дика мел дерг хуьлда вайн махкахь, шу х1усмашкахь даима а!