Раг1

Муса Вольф Айдамиров
Х1ора  хенолехь  дуьненах цхьа са д1ахадало,
Адам ду шен-шенан, йиста йоцун раг1 тилош,
Цхьа а  т1аьхьа  ца вуьссу  хьалха а ца валало,
Меланаш йан къинош лехьош четахь къилош.

Азаленца уьйр йолуш х1умма а дац дихкина,
Вон а дика а доцург гома даима къиссадалар,
Къевкъаца кор декош дог1ано ара кхайкхина,
Д1аделла  бахьана, олуш, бала  баьрче балар.

Хоьтту дог1ане коьрталазам къахко хьоьгуш,
Хира дуй техьа г1оза аганчу йаздин сан йоза,
Тап аьлла дог1а д1атийча дала жоп лоьг1уш,
Мархаш д1алоьхку дато бетте тидам хьоьвза.

Беттасе хетти ойланаш юкъахь цуьнца йекъа,
Г1ийла раг1 т1екхачалай, кхуьура вари техьа,
Деган йовхо сайна дукхабезачарна д1айекъа,
Г1айг1анаш д1алаьллина ворх1 ломал дехьа.

Уьнт1апхьид-зама жималла байлахь д1атесна,
Д1атекха меллаша, тийна къаналле текхавеш,
Йух-йуха а карзахдийла дог хийцаман сатесна,
Лааме долуш цунна, дуьхьалхьада доккхадеш! (С) 02.06.23.