Шеран заманаш

Муса Вольф Айдамиров
Шеран заманаш хийцалуш, вовшахкъаьста,
Х1орамма а басараш ша-шена схьахаржош,
Гурахь чола 1ай к1айн, баьццарниг б1аьста,
Аьхка ц1ен-можа, 1аламан аматаш даржош.

Воккха а веш муьлхха а хенан амал т1еоьцу,
Аьхка къорза стела1ад б1аьргашца лестадо,
1ай лайн чимаш, д1ауьдуш к1еда схьалоьцу,
Б1аьста йочанаш гурахь дог1анаш хьестадо.

Самаваьлча сатосуш бух1а г1айг1ане уг1уш,
Когаш1уьйра уьду, 1уьйренан тхиш кегадеш,
Зазадаьккхина  бешахь, зарзаршка ладуг1уш,
Малх г1оттуш хьоьжу дагчу нуьреш дегадеш.

Мел сиха  хилча а меллаша  1адавой д1асаца,
Малх чубузаран хазаллин 1аламате хьоьжуш,
Буса детиха бутт къедича шен  сегна марсаца,
Маршалла кхийдош, кхойкху цуьнга къоьжуш! (С) 24.05.23.