1ат1ар!

Муса Вольф Айдамиров
Б1аьстено шабар-шибар дира лергачу малх болуш,
Самаваьккхича 1уьйренца, зарзаран эшаро тахана,
Мел дика хирдера хаза йо1 х1уна йезайелча, олуш,
Г1ийла ца хилийта дог-ойла, сийсар буьйсан санна.

Ч1ог1а дика а хетта исбаьхьачу ойлано дог айдина,
Уггаре а мехала духар сихха т1едожийна, кечвелла,
Араиккхира пранцер 1ат1ар ца кхоош хьалаайдина,
Шорта т1е а доьттина, сутараллица  къовса а велла.

Г1алан коьртачу бешахула волавелира, сих ца луш,
Тебачу таллархочун тергаме б1аьрг гонаха беттара,
Б1агор хьовза болабелира мехкарий дукха а болуш,
Амма уьш цхьа тамашена суна  уллера д1аг1ертара.

Д1аиэца парижер к1ант безамехь ч1епалгаш, аьлла,
Махбархо зудчо соьга кхойкхуш, геннара мохь бетта,
Муха хиир цигара веъний хеттира цуьнга цецваьлла,
Элира цуо нахан ца вовзийта 1ат1ар дукха ма детта! (С) 30.04.23.