Б1аьсте

Аза Атагинская
Б1аьсте, сан доттаг1а,
Дог хьостуш йог1у хьо.
Д1а хьаьжча гонаха
Зазашлахь бошмаш го.

Олхазарш 1уьйренца
Самукъне декаш ду.
Шен басарш даржадеш,
Б1аьстено дезарш до.