Сан дог

Муса Вольф Айдамиров
Б1аьстено ловзочу дийнахь Къоьзан-1ам йистаьхь,
Селасатан хазчу зурмано самукъане хьоьсту лерса,
Ломан х1аваъ муьйлуш можачу баппана байт1аьхь,
Сийна 1ам чухьоьжу сирлачу хино къагийна баьрса.

Дависса, ма ду-кх хьо сан дог тамашена нуьцкъала,
Тайп-тайпана вуон-дика дахарехь хьоьца ду доьзна,
Луьра хало йеъча ца даьлла хьо гор х1уттуш осала,
Ирс керта чудоьжча, кураллийн т1орказ а ца дуьзна.

Даьхни ца гулдойтуш, хьараманна рицкъанах сайна,
Харцонаха герз дина г1орасизчуна г1ело ца йойтуш,
Мезан хам бийра бу олуш, мозано тоьхна йуь лайна,
Д1авуьгу 1ахь говза со сан дог, вуон некъ д1атоттуш.

Эхь а йахь а бахамах  къастош, ирча лерам ца лоьху,
Воккхаво 1адатаца нийса берина, синхьежам болуш,
Ийманахь а, г1иллакхах а ч1аг1велахь, хьоьга доьху,
Баркалла сан дог,  иштта тешаме доттаг1 хьо долуш! (С) 21.04.23.