Ши 1аж

Муса Вольф Айдамиров
Нанас кхо шо кхаьчна во1анна, къежан,
Цхьаъ можий, важа ц1ен ши 1аж белла,
Уллохь вехачу Дас, цуьнга д1ахьаьжан,
Суна а цхьаъ  лура бацара 1ахьа аьлла?

Цхьана 1ожаха к1анта, церг къовзийна,
Шолг1ачунаха а, чам баьккхина ваьлча,
Дега меллаша цхьаъ цараха кховдийна,
Чомехь х1ара бу олуш, бакъдерг аьлча!

Дас шен  цецдаьллан мекх дина хьовза,
К1антанна куьг коьртах к1еда хьаькхна,
Хиллакха, аьлла,  вайн Дайн кица говза,
Хиндолу хьоза олуш, шен бенахь декна! (С) 17.04.23.