Дада

Муса Вольф Айдамиров
Хьоме Дега, диъ шо кхаьчна бер со долуш,
Элира ас, дика вукха хьо, дукха веза даган,
Ма ч1ог1а дика хета Дада, хьо сайн волуш,
Везаш хуьлу Да элира цуо къонахчу стаган.

Дикачу Ден, хилара со гуттара а, дог лохуш,
Ларлуш  жимма а сайгара  ледарло йаларна,
Х1уъа т1едиллинарг сихха чекха а доккхуш,
Воккхавеш жимма а из сайна  реза хиларна.

Цамгар а кхетта, къена Да меттахь виссича,
Уьдура со цунна дарбанна г1айг1а а йолуш,
Элира цуо велалуш, оьзда т1аьхье йиссича,
Дуьненах а эхартаьхь а хир ву дарба долуш.

Дас хьехнарг дицдича ирс ца хуьлу дахарца,
Йахь а ийман а долуш, хила беза синкхетам,
Г1иллакхе а хуьлуш хьешаца, гергарчаьрца,
Г1ийлачарна баржош, комаьрша къинхетам.

Дас 1амийна со шен оьздангалла а кхийдош,
Цунна йезна синмаршо, сан дог а ду лоьхуш,
Нохчаллин синбахам довха ц1ийца д1аидош,
Дайн 1адаташ 1алашде бохуш соьга доьхуш! (С) 09.04.23.