Мел хаза еъна хьо, б1аьсте!

Роза Дахаева
Заза даьккхина хазделла дитташ,
Шипонан  кучамаш йоьхна,
Йеларца  хичаш  цхьанах1иттош ,
Б1аьстено аре д1айоьг1на.

Бес-бесар зезагийн шунаш,
Лилула сенделла гунаш,
Панбархат т1етесна аре,
Сатуьйсуш маьлхан нур даре.

Мел хаза еъна хьо, б1аьсте,
Ца тоьу дешнаш хьо хасто!