Хастам бо!

Муса Вольф Айдамиров
Дуьненчу  лаам буй хьан вала,
Везанна Дела, соьга хаьттина,
Латта, хьоьвзаш долун хал-ла,
Атта ахьа суна схьах1оттийна.

Бералла  йелира ахьа ирсенан,
Ламан дог1ане аьхкенна идош,
Хьаставеш карахь сайн Ненан,
Ден пох1мен хьехамаца кхиош.

Доьналла дег1аца д1акхуллуш,
Къоналла кховдина т1ах-аьлла,
Къома г1иллакх дагчу дуьллуш,
Вастац  д1айоьзна оьздангалла.

Ворсавина бусулбан доьзалехь,
Уггар нийса дин ахьа суна дели,
Собар  делла ларвина дозаллех,
Хьекъален къаналле некъ бели.

Без-чу Даймахкахь ахьа вахаво,
Г1оразчунна х1илле ца дойтуш,
Хьараман даржаха говза ларво,
Къоьллана йийсарал ца гойтуш.

Везанна Дела, б1аьрхица тийна,
Хастам бо хьуна ас х1ора денна,
Къинтера валалахьа къаьсттина,
Воккхаварна исбаьхьа дуьненна! (С) 15.11.22.