Мархийн бутт

Муса Вольф Айдамиров
Де-буьйса  ца лоьруш  дег1 бер санна ловзадо,
Башха, чомехь кхача, цунна мерк1ела оьхьуш,
Зовкх хьиега дагахь, цуо сих-сиха са хьовзадо,
Шена там мел хуьлу а кхи а алсам д1абоьхуш.

Маьрк1аж-хан хилча мархийн бутт гучубаьлла,
Воккхаво, дешех йуьззан кхаба карийча санна,
Цхьана  баттан  дег1 тедина са парг1ат даьлла,
Фарз марханаш  кхаба, даго нигат дина тахана.

Йуьучуьнца а молучуьнца а къовламан хенахь,
Хьажарца а хазарца а  дашаца а собаре  волуш,
Сирлачу баттахь сема хила  веза ларлуш зенах,
Г1ийлачунна г1оьнча х1отта синкхетам болуш.

Мархийн бутт догц1ена, леррина, шен хеннахь,
Кхаьбначунна  хуьлу пайда а, мела а, багарбеш,
Дуккха а ду-кх дийца исбаьхьа, дезчу диканнах,
Бусулба нах къиношха хьалха а бохуш, ларбеш! (С) 22.03.23.