Заманан болар

Ваха Докаев Шалавдиевич
Йаханчу замано д1аэцна иэс.
Ойлано керчадеш д1ахьуш ду дахар.
Стиглануо яржийна шен мархийн кхес.
Стен вигна хьо кхуза, алахьа, Ваха?!

Хала ду д1ахеца кийрара дог.
Мила ву-те сацийнарг и аьрха амал?!
Седарчий дагардеш ас боккху ког.
Сатийсам кхерсташ бу, яржийна т1амарш.