Безамо хьоьстийла шу

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - / Джабраилова. /

БЕЗАМО ХЬОЬСТИЙЛА ШУ

Дахаран аьхналлех хьоьгуш а доцуш,
Хуьлийла ирсах аш хоьттина тай,
Сингаттам йа бала   дагчохь а боцуш,
Беркатах тиллина безаман т1ай.

Тешаме, беркате гуо шуьйрра лоцуш,
Маьрша нах х1уьттийла 1алаш дан шу,
Хьаг1-гамо лелайан зулам дай боцуш,
Даг чохь малх лепийла эшийна хьу.

Кхетачу малхана дуьхьала доьрзуш,
Даггара олийла:- "Реза  ду тхо!"
Бетта нур , седарчий шу корехь ловзуш,
Дахарах даккхийдеш  ирс шоьца го!

Декъала хуьлийла йиша, йо1, Нана !
Кхин цкъа а ма гойла, доьлхуш шун дог,
Ирсаца буьззина  хуьлда шун кана,
Аьттонца, боккхийла, аш х1ора ког!

05. 11. 22ш./ 04. 03. 23ш.