Боданехь виси со нана

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

БОДАНЕХЬ ВИСИ СО НАНА

Тезет ду сан кертахь лаьтташ,
Кадам беш схьах1уьтту нах,
Йижарий боьлху мохь бетташ,
Цакхета цара х1ун бах...

Сан коьрто и схьа ца лоцу,
Даго и бакъ а ца до!
Со муха 1ийр ву хьо йоцуш?
Хьох къастар соь ла ца ло.

Дахар а сайн иэшна хета,
Къарвелла бохамна со.
Доттаг1ий, со х1инца кхета
Ненан чов аш муха лов.

Ирча г1ан бакъхилла долу,
Йоьду хьо, кхин ц1а ца йан.
Боданехь со самаволу,
Нана сайн кхин цкъа ца ган.

Биъ пен бу дуьхь-дуьхьал хьоьжуш,
Шело йу, цахилла 1ай,
Лела со, нана, хьо лоьхуш,
Дайна ирс лоьху ас сайн.

Къинхетам бойла хьох Дала,
Ненан хьакъ ахь кхочушди,
Ц1еххьана  хьох вели, нана,
Доьхна де суна а ги...

(Магомадов 1усманан деган 1ийжам)

06. 08. 22ш. / 08. 12. 22ш.