Декъала хуьлийла хьо

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/ Джабраилова./

ДЕКЪАЛА ХУЬЛИЙЛА ХЬО

Камета, даггара декъал йо хьо,
Т1екхетта керла шо беркате го,
Беркате хуьлийла хьо лела некъ,
Диканна хуьлийла ахь йоьллу не1.

Вовшашна йевзина к1еззиг хан йац,
Гергарло вайшинна хадалур дац,
Йехийла йоккхайеш дахарах хьо,
Т1ейог1у хьан кхане ирсаца го.

Бераллехь вай цхьана  левзина ду,
Даимма йукъметтиг латтийна йу,
Ткъа х1инца доьзалаш кхиина вайн,
Доьзалийн доьзало дог хьостуш - дай!

Нохчийн мотт хьехар ду самукъа хьан,
Вайн меттан хазалла ца йуьтуш йан,
Вайн Дала дойтур дац ахь хьоьгу къа,
Ахь лаьцна дакъа а х1уттур ду д1а.

Тулур бу Нохчийн мотт, бовр бац и цкъа,
Хьо санна дог лозурш мел хуьлу ган,
Г1иллакхаш, 1адаташ аш даржадо,
Т1екхуьу чкъурана шун болх марз ло.

Йахалахь диканца Камета хьо,
Даггарчу безамца хьо декъал йо,
Де эшна ца йог1уш дахарехь хан
Ирс, аьтту хуьлийла мел йеха хьан!

(Белити ц1арах йаздина дешнаш.)

20. 02. 23ш.