Йахь йолу г1алг1айн к1ант мохьмад

Раиса Абубакарова
ЙАХЬ ЙОЛУ Г1АЛГ1АЙН К1АНТ - МОХЬМАД 

Гергарнаш беркатан шуьнехь гулбелла
Самукъа даьллачохь, къамелаш деш,
Лап аьлла, т1еман хан карла а  йаьлла ,
Дийци ас, Г1алг1айчо, сайна г1одар.

Россех диснера тхо, махкахь т1ом  баьлла,
Чу дига, т1елаца  цхьа ваьхьаш вац,
1а, даха, нисдалан, бакъонаш йоцуш,
Мах а беш, къар  ца луш, йоккхура хан.

Гергара вацахь а - къомах  стаг лоьхуш,
Б1арзделла, сахьийзаш лелара тхо,
Милицин куьйгалхо,  вайн къомах хеташ,
Дозалла хеташ и, йехара со .

Цу дийнахь таллам беш 1едал ду хьийзаш.
-"1ан-йаха бакъо" -сан, йоьхуш йу д1а.
Сан т1оьрмиг гулби схьа, четар д1акъовлуш,
Йиги со-м 1едало, шайцане д1а ...

Бехке йеш х1оттош ду йозанан кехат,
Со йовза орцанна, гуш  цхьа а вац,
Букът1ехьа хезаш ду - деш долу хаттар ...
Къамелехь толлуш ду,  йуккъера хьал .

 - "Сийсара, "Керланиш"- хезирий хьуна?!
Тхан доза-ъ  дохий бах, тешнабехк беш,
Х1у дойъуш кхачабарх, къинхетам боцуш ,
Йайъита йеза и нах йоцу нах!.."

-Оьрсийн мотт буьйцуш цо, оьрси ву моьттуш...
1ара со, садаьтташ, сайн къамел деш,
Ла доьг1ча суьлий ву, къамеле ваьлларг,
И хилла Нохчочух  тарвелла  к1ант!

Сатоха дег1а чохь дацара г1ора...
Дог доттуш, кийра сан йаьлера ц1е.
Эли ас: - "Ма хуьлда к1ант воцчу ненан,
Хьо тайпан йахь йоцуш кхиийна к1ант!

Вайнеха ву ала, хьакъ долуш вац хьо!
Ца хаахь харцонийн хада бан мах,
Хьайн  дина-вежарийн сий дойъу моьттуш,
Гойту ахь , оьрсашна, хьайн боцу мах !

Оьрсашна  билла бехк хир бац и дийцарх,
Вайнеха 1адаташ доьвзаш  уьш бац,
Хьо ма ву, вайнехан г1иллакхаш девзаш!
Чаг1алкхах тарвелла ма лела х1ай !..

Х1унда вац кхеташ хьо, йамартло лелош?
Вежарех ала дош хьан х1унда дац?!
Тим туьйсуш, питна ду, вайн къемнаш къестош,
Гойтучу  харцонех,  хьо кхеташ  вац ?!.."

-Эли цо, схьавоьрзуш, инзаре ваьлла :
-"Хьоьга деш къамел дац,  хьоь дуьйцуш дац !
Хьа йелла бакъо, сан къамеле йаьлла,
Кху йуккъехь , сий дойъуш  къамел соь дан ?!..."

- "Сан къам ду ахь дуьйцург,  бакъо ца йоьху!
Нохчийн йо1 хиларх ас - дозалла до !!!..
Хьо ву сан къомах кхин дог лазар доцуш,
Йоцу ц1е т1ехь ч1аг1йеш,  харцонаш йеш !..."

Сайн корта айъина суьйлийчун хьалхха,
Дог  1абош ди къамел, ч1аг1дина аз,
Хи малан  йиш йоцуш,  мархийн бутт кхобуш,
Ара ас йаккхийти, цкъа  меттайан !..

Сайн б1аьра хиш сацо, арахь луо хьоькхуш,
Г1о доцуш лаьттара кхин къар ца луш,
Ц1еххьана  не1 йоьллуш, сан т1оьрмаг иэцна,
Вог1уш ги, цуо къамел деш хилла стаг...

Кийрара "са"  т1аккха къамеле  дели,
-" Хьо саца-м ца сеци," - боху цуо соь,
-"Т1екхача, г1о даккха уллохь цхьа воцуш,
 Йуьгур йу набахте, йовр йу хьан ц1е !..

-"Делахь ас йахь лур йац ! " - сайн дагца ч1аг1деш,
Ца йешаш  хаттар ди, йела а луш,
Схьадийцал, муьлхачу набахте йуьгу?!
Хаийта  йиш хир йуй вешега сайн ?!

Вайн маттахь вистхилар, диц лур дац цкъа а...
Деригге дуьне а хоьтуьйтуш сайн,
-"Со а ву хьан "Ваша ," кхин д1а хьо ларъйан,
Со мел ву маьрша йу, рицкъ лаха хьайн !"

- Ц1е йийца, муьлхачу къомах ву ала?!
Олуш, сан б1аьргара хьевдира хиш,
Эли цуо : -" Мохьмад ву !  Г1алг1айн к1ант !" - соьга,
-"Кхузахь дерг дерзор ду, ма гатде са !..."

Сий хуьлда вайнехан йахь йолу къонах!
Хьан сий деш, ларам беш, йехаш йу со !
Дуьненчохь мел йеха, хьан оьзда  г1иллакх,
Диц ца деш довзийта хьакъ хилла хьо !...

Сий хуьлда Мохьаммад, хьо винчу Ненан!
Г1алг1айн  к1ант,  турпалхо, - хьо вицлур вац!
Кхуьийла вайн махкахь, массо а хенахь,
Хьо санна йахь йолу Бусалбан нах !!!

21. 01. 21ш./ 22. 04. 22 ш.