Сагатло нана

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

САГАТЛО НАНА

Йистхила де долуш йолччура нана,
Йиц ца йеш, вистхилий, эцалахь дог.
Ма ала: - "Йиш йац цкъа. Вист хир со кхана."
-Кхин хьашташ кхочуш дан ма баккха ког.

Хатталахь:-"Муха ахь де-буьйса даьккхи?"
-Алалахь: - "Са хьийзаш, ган лууш 1а!..
Хьуна са гатдаро синтемах ваьккхи,
Хьо гина, цкъа хьаста, б1арзделла са!

Хьо цагуш дахна де кхоьлина хета,
Ткъа гича са парг1ат долий со 1а.
Сан нана, массарел хьо дукхаеза,
Сихаллехь хьевелла, хьо йолче ван!.."

-Хьасталахь нена дог:- "вог1уш ву," - алий,
-Хатталахь: - "Чай мала х1ун эца ас?"
-Ткъа, нанас эра ду: - "Валахьа кхачий!
Хьо сайна ган лууш, со а йу 1аш!"

03. 02. 22ш./ 05. 02. 23ш.