Г1ИЙЛА ОЙЛА

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

Г1ИЙЛА ОЙЛА

Ткъе барх1 шо кхачар сайн,  дазделла суна.
Дуьххьара ца ви со декъала дас,
Хеназа кхалхарна дог доьлхуш цунна,
Къийлалуш, б1аьрг боьлхуш, ца гойту ас.

Дарбане сатуьйсуш б1аьрза хьо хьийзаш,
Хьан лаам кхочушбан г1иртира со,
Керлачу х1усаме хьан ойла хьийзаш,
Хьан дуьхьа х1усам йеш лийлира тхо.

Моьттура хьох ваьлла йог1ур йац зама.
Шун доьхна, беркатах хедар вац д1а,
Боккха мохь белшаш т1ехь буьсур бац цкъа а,
Байлахь тхо дуьсур дац, вац аьлла- "Да".

Да воцуш, ойлайеш, йазйели г1айг1а,
Дависа, шен хенахь ца кхийти хьох,
Ахь кхехьна беза мохь воьлча со айъа,
Б1аьргех хи долу сан, суо висча чохь.

Дазделла вина де, хьо, йуххехь воцуш
Декъала ванза ахь, дели шо д1а.
"Хьо санна дика к1ант ву"-наха бохуш,
Вехар ву дуьненчохь сий лардеш хьан.

"Декъала войла хьо!"- ас олу хьуна,
Кхул таьхьа до1анца воьхур ву хьо.
Дика "Да" хиларах терра хьо тхуна,
Махкана дика к1ант хиллера хьо.

21. 09. 22ш. / 26. 09. 22ш.

(Шен  Да Анзор д1акхелхина,  ша висначу  к1анта, Аптис, шен ткъе барх1 шо  кхаьчначу дийнахь йиначу ойланах лаьцна, йаьккхина байт)